osis_id stringclasses 66
values | chapter int64 1 150 | start_verse int64 1 176 | end_verse int64 1 176 | text stringlengths 10 678 |
|---|---|---|---|---|
Gen | 8 | 17 | 17 | Массо а дийнаташ арадаха хьайца, массо а тайпана: олхазарш а, даьхни а, ерриге а лаьттан текхаргаш а. ДӀасадовлийла уьш лаьтта тӀехула. Лаьтта тӀехь дебийла уьш, тӀаьхье а луш». |
Gen | 8 | 18 | 18 | Нохьа а, цуьнан кӀентий а, цуьнан зуда а, кӀентийн зударий а арабевлира хинкеман чуьра. |
Gen | 8 | 19 | 19 | Царна тӀаьххье ерриге а акхарой а, массо а боьха хӀуманаш а, дерриге олхазарш а, лаьттахула мел лела са долуш йолу хӀума а араелира цу чуьра. |
Gen | 8 | 20 | 20 | ТӀаккха Везачу Элана лерина сагӀа доккхучу метте тӀулгаш хӀиттийра Нохьас. Шеца долчу даьхнин юкъара а, олхазаршна юкъара а тоьлла а, хьанал а дерш, цхьацца къаста а дина, Далла хьалха уьш дагийра цо. |
Gen | 8 | 21 | 21 | И тамехь йолу хаза хьожа дӀакхечира Далла. ТӀаккха Шен дагахь Везачу Эло элира: «Адамаш жимчохь дуьйна зуламах дуьзна делахь а, кхин цкъа а неӀалт кхайкхор дац Аса лаьттана адам бахьанехь. Кхин цкъа а хӀаллакйийр яц Ас лаьттара са мел долу хӀума. |
Gen | 8 | 22 | 22 | ХӀинца дуьйна, латта мел ду, цу тӀехь ялта дӀадер а, хьакхар а, шело а, йовхо а, аьхке а, Ӏа а, де а, буьйса а хийцадалар соцур дац». |
Gen | 9 | 1 | 1 | ТӀаккха Нохьа а, цуьнан кӀентий а декъалбеш, Дала элира цаьрга: «ТӀаьхье стам а луш, деба а дебаш, латта дузийла аш. |
Gen | 9 | 2 | 2 | Шух кхера а кхоьруш, шуна хьалха ега а еш, хуьлийла лаьтта тӀехь мел йолу акхарой а, стигалахь мел долу олхазарш а, кху лаьттахь лелаш мел йолу текхаргаш а, хӀорда чохь мел долу чӀерий а. Шун кара дӀаделла Ас и дерриге а. |
Gen | 9 | 3 | 3 | Массо а ораматаш еллера Ас шуна, ткъа хӀинца дерриге а дийнаташ хир ду шуна юучунна. Лаьттара са мел долу хӀума а дӀало Ас шуна юучунна. |
Gen | 9 | 4 | 4 | Амма цхьа хӀума тӀедуьллу ас шуна: шена чохь са долу, шех цӀий дӀадалаза долу жижиг ма даалаш. |
Gen | 9 | 5 | 5 | Адаман цӀий Ӏанорна Соьга жоп дала деза, цу цӀийна чохь са долу дела. ХӀора стага а жоп дала деза ша адаман Ӏанийначу цӀийнах, муьлххачу акхароша а жоп дала деза, шаьш адаман цӀий Ӏанийча. |
Gen | 9 | 6 | 6 | Цхьана стага адаман цӀий Ӏанийнехь, цуьнан цӀий а Ӏанор ду, цу стага Делан вастехь кхоьллинчуьнан цӀий Ӏанийна дела. |
Gen | 9 | 7 | 7 | Ткъа шу деба а деба, шайн тӀаьхье стам а е, дӀаса а даржа лаьтта тӀехь, алссам а довла цу тӀехь». |
Gen | 9 | 8 | 8 | Дала элира Нохье а, цуьнан кӀенташка а: |
Gen | 9 | 9 | 9 | «Ткъа Ас барт бо шуьца а, ерриге а шул тӀаьхьа хир йолчу шун тӀаьхьенца а, |
Gen | 9 | 10 | 10 | массо олхазаршца а, мел долчу дийнаташца а, массо а акхарошца, шуьца хинкеман чуьра араяьллачу, лаьттара са мел долчу хӀуманца а. |
Gen | 9 | 11 | 11 | Иштта барт бо Ас шуьца: лаьттара йисина дийна мел йолу хӀума хица хӀаллакйина яра, амма ишттаниг кхин цкъа а юха хир дац аьлла. Кхин цкъа а латта хи тӀедаларца хӀаллакдийр дац». |
Gen | 9 | 12 | 12 | ТӀаккха Дала элира: «Шуьца бинчу бертан тоьшалла дуьту Ас. Оцу тоьшалло чӀагӀдийр ду Ас шуьца а, дийна мел йолчу хӀуманца а, тӀейогӀучу массо а ханна, барт бар. ХӀара ду и тоьшалла: |
Gen | 9 | 13 | 13 | стелаӀад хӀоттадо Ас стигалан мархашкахь. И ду тоьшаллина Суна а, Лаьттана а юкъахь бинчу бертан. |
Gen | 9 | 14 | 14 | Ас лаьттана тӀехула гулйина мархашна юкъахь стелаӀад гучудаьлча, |
Gen | 9 | 15 | 15 | Суна дагабогӀур бу Ас шуьца а, лаьттахь дийна мел йолчу хӀуманца а бина барт, кхин цкъа а массо а дийна хӀума хи тӀедаларца хӀаллакйийр яц аьлла. |
Gen | 9 | 16 | 16 | Стигалан мархашка а хьаьжна, стелаӀад гича, дагабогӀур бу Суна Сайна а, лаьттара дийна мел йолчу хӀуманна а юкъара цкъа а хедар боцу барт». |
Gen | 9 | 17 | 17 | Иштта элира Дала Нохье: «И стелаӀад лаьттахь дийна мел йолчу хӀуманна а, Сайна а юкъахь бинчу бертан тоьшаллина хир ду». |
Gen | 9 | 18 | 18 | Хин кеман чуьра арабевллачу Нохьин кӀентийн цӀераш иштта яра: Шима, Хьама, Япат. Ткъа Хьама КанаӀанан да вара. |
Gen | 9 | 19 | 19 | И кхоъ Нохьин кӀант вара, ткъа царех хилла лаьттара адамийн тӀаьхье. |
Gen | 9 | 20 | 20 | Нохьас латта лело а долийра, кемсийн аре а дӀайийра. |
Gen | 9 | 21 | 21 | Кемсийн чагӀар а мелла, ваха а вехна, верзина а ваьлла, шен четар чохь, тӀе хӀума а тасаза, вижина Ӏуьллуш вара Нохьа. |
Gen | 9 | 22 | 22 | КанаӀанан дена Хьамина гира шен ден верзина ваьлла хилар, тӀаккха цо ара а ваьлла, цунах лаьцна шен шина веше дийцира. |
Gen | 9 | 23 | 23 | Ткъа Шима а, Япат а, шайн ден бедар схьа а эцна, шаьшшиннан белшаш тӀе а йиллина, тӀехьа а вирзина, кӀегара шайн дена тӀе вахара. И бедар цунна тӀе а тесна, Нохьин верзина хилар дӀакъевлира цара. Уьш тӀехьа бирзина болу дела, царна шайн ден верзина хилар ца гира. |
Gen | 9 | 24 | 24 | Ша меллачу чагӀарх васта а велла, самаваьлча, Нохьина хиира, шена тӀехь жимаха волчу кӀанта Хьамас динарг. |
Gen | 9 | 25 | 25 | ТӀаккха Нохьас элира: «НеӀалт хуьлда КанаӀанна. Шен вежарийн лешна хьалха а лай хир ву иза», – аьлла. |
Gen | 9 | 26 | 26 | Кхин а элира цо: «Декъала ву Веза Эла, Шимин Дела, ткъа КанаӀан Шимин лай хуьлийла. |
Gen | 9 | 27 | 27 | Япатан тӀаьхье Дала беркате а йойла, Шимин четарш чохь а Ӏойла Япат. Ткъа КанаӀан Япатан лай хуьлийла!» |
Gen | 9 | 28 | 28 | Лаьтта тӀехь хи тӀедалар хиллачул тӀаьхьа, кхо бӀе шовзткъе итт шарахь вехира Нохьа. |
Gen | 9 | 29 | 29 | Дерриге а Нохьа ваьхна шераш исс бӀе шовзткъе итт шо ду. ТӀаккха Нохьа дӀакхелхира. |
Gen | 10 | 1 | 1 | ХӀара ду Нохьин кӀентийн Шимин а, Хьамин а, Япатан а тӀаьхьенах хилларг. Лаьттахь хи тӀедалар хиллачул тӀаьхьа церан иштта тӀаьхье хилира. |
Gen | 10 | 2 | 2 | Япатан кӀентий бара: Гомар, МагӀогӀ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас. |
Gen | 10 | 3 | 3 | Гомаран кӀентий бара: Ашкиназ, РипӀат, ТогӀарма. |
Gen | 10 | 4 | 4 | Яванан кӀентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Доданам. |
Gen | 10 | 5 | 5 | ГӀайренаш тӀехь баха охьахевшинарш массо а Япатан кӀентийн тӀаьхьенах бара. ХӀора кӀентан а шен долахь латта а дара. ХӀора доьзал а алсамболуш, тайп-тайпана къаьмнаш кхолладелира, шен-шен буьйцу мотт а болуш, дӀахӀиттира уьш. |
Gen | 10 | 6 | 6 | Хьамин кӀентий бара Хуша, Мисар, ПӀатӀа, КанаӀан. |
Gen | 10 | 7 | 7 | Хушин кӀентий бара Себа, Хьавил, СабтӀа, РуӀман, Сабтехьа. РуӀманан кӀентий бара Шеба а, Даддан а. |
Gen | 10 | 8 | 8 | Ткъа Хушин вара Намрад цӀе йолуш кӀант, иза чӀогӀа ницкъ болуш кӀант а вара. |
Gen | 10 | 9 | 9 | Иза Везачу Элана гергахь воккха таллархо вара, цундела цуьнца дустуш адамашна олуш ду: «Иза, Намрад санна, Везачу Элана гергахь воккха таллархо ву». |
Gen | 10 | 10 | 10 | Намрад-пачхьалкхана юкъайогӀуш хилла юьхьенца Бавел, Эрахь, Аккад. Уьш ерриш ШанӀар-аренна тӀехь яра. |
Gen | 10 | 11 | 11 | Иштта цу махкара ваьлла Ашур. Цо хӀиттийна Нунав-гӀала а, Рехьабат-гӀала а, Калахь а, |
Gen | 10 | 12 | 12 | Расан а цӀераш йолу гӀаланаш а. Нунав-гӀалина а, йоккха йолчу Калахь-гӀалина а юккъехь яра Расан-гӀала. |
Gen | 10 | 13 | 13 | Мисарх бевлла лудамхой, Ӏанамхой, лахӀабхой, наптухьхой, |
Gen | 10 | 14 | 14 | патӀрусхой, шех пӀелаштамхой схьабевлла волу каслахӀамхой, каптӀархой. |
Gen | 10 | 15 | 15 | КанаӀанан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦӀадан, цул тӀаьхьа хилла волу Хьета. |
Gen | 10 | 16 | 16 | Иштта КанаӀанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гӀиргӀашахой, |
Gen | 10 | 17 | 17 | хьаьвихой, Ӏаьркхахой, синахой, |
Gen | 10 | 18 | 18 | арвадихой, цӀемархой, хьаматхой. Цул тӀаьхьа КанаӀанан тӀаьхье дӀасаяьржира. |
Gen | 10 | 19 | 19 | КанаӀанхойн мохк баьржина бара къилбаседехьа йолчу ЦӀадан-гӀалара дуьйна къилбехьа йолчу ГӀарар-гӀала тӀекхаччалц, ткъа кхузара малхбалехьара Ӏази-гӀалара дуьйна малхбузера Седам а, Ӏамор а гӀаланашна тӀекхаччалц, иштта Удам а, ЦӀабайма а гӀаланашкара дуьйна ЛашаӀ-гӀала тӀекхаччалц. |
Gen | 10 | 20 | 20 | Иштта яра Хьамин тӀаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а. |
Gen | 10 | 21 | 21 | Шима Япатан воккхаха волу ваша вара. Шимин тӀаьхьенах цхьаъ вара Ӏебар. Иза дерриге а Ӏебархойн тайпа долийнарг вара. |
Gen | 10 | 22 | 22 | Шимин кӀентий бара Ӏейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам. |
Gen | 10 | 23 | 23 | Араман кӀентий ӀуцӀа, Хьула, ГӀетӀар, Маша а бара. |
Gen | 10 | 24 | 24 | Арпахшадан кӀант вара Селахь, ткъа Селахьан кӀант вара Ӏебар. |
Gen | 10 | 25 | 25 | Ӏебаран ши кӀант вара: цхьана кӀентан цӀе ПалагӀ яра, хӀунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тӀехь адам декъадалар а, дӀасадаржар а хилла. ПалагӀан вешин цӀе Якхтан яра. |
Gen | 10 | 26 | 26 | Якхтанан а хилира кӀентий: Алмадад, ШалапӀ, Хьацармават, Ярахь, |
Gen | 10 | 27 | 27 | ХӀайдарам, Узал, Дикхалла, |
Gen | 10 | 28 | 28 | Ӏобал, Абумаил, Шеба, |
Gen | 10 | 29 | 29 | Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш Якхтанан кӀентий бара. |
Gen | 10 | 30 | 30 | Церан Ӏар дара Мешаъ-махкана а, малхбалехь долчу лаьмнашна а юккъехь долчу лаьтта тӀехь. Ткъа Мешаъ-мохк Сепар-мехкан лаьмнашца бозалуш бара. |
Gen | 10 | 31 | 31 | Иштта яра Шимин тӀаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а. |
Gen | 10 | 32 | 32 | Иштта яра Нохьин кӀентийн доьзалийн тӀаьхье шен тайп-тайпанана къаьмнашна декъадаларца. Царех даьлла массо а лаьтта тӀехь дӀасадаьржина къаьмнаш, Дала дерриге а латта хьулдеш даийтинчу хил тӀаьхьа кхолладелла долу. |
Gen | 11 | 1 | 1 | Лаьтта тӀехь массо а адамашна юкъахь буьйцу мотт а цхьаъ бара, цара олуш долу дешнаш а цхьатерра дара. |
Gen | 11 | 2 | 2 | Малхбалехьара дуьйна доладелла и адам, ШанӀар-махкахь шера аре а карийна, цигахь даха охьахиира. |
Gen | 11 | 3 | 3 | «Дуьло, кибарчигаш а йина, уьш цӀергахь ягор ю вай», – элира цара вовшашка. Иштта тӀулгийн меттана кибарчигаш а, киран меттана силам хилира церан. |
Gen | 11 | 4 | 4 | Цара элира: «ГӀала а, цу чохь стигала а кхочуш бӀов а хӀоттор ю вай ваьшна, хӀокху лаьттахь массанхьахула дӀаса ца даржадайта, цӀе а йоккхуьйтур ю вай вешан». |
Gen | 11 | 5 | 5 | Адамаша кхуллуш йолчу гӀалане а, бӀаьвне а хьажа охьавоьссира Веза Эла. |
Gen | 11 | 6 | 6 | Везачу Эло элира, цаьрга а хьаьжна: «И массо адам цхьа халкъ а ду, массара а буьйцуш цхьа мотт бу, ткъа хӀун дан буьйлабелла уьш. ХӀинца дерриге а шайна дан дага догӀург ца далуш дуьсур дац церан. |
Gen | 11 | 7 | 7 | Дуьло, охьа а диссина, цара буьйцу мотт дӀаэбийр бу вай, уьш вовшаша дуьйцучух а ца кхоьтуьйтуш». |
Gen | 11 | 8 | 8 | ТӀаккха Везачу Эло и халкъ массо а лаьттахула дӀасадаржийра, цара хӀоттош йолу гӀала чекх а ца йоккхуьйтуш. |
Gen | 11 | 9 | 9 | Цу гӀаланах цара Бавел-гӀала элира (иза ду Ӏебархойн маттахь «Эбина-гӀала»), хӀунда аьлча цигахь Лаьттара массо а къаьмнийн буьйцу мотт Везачу Эло эбина дела. Цигара дуьйна доладелира Везачу Эло хӀокху лаьтта тӀехь массо а маьӀӀе адам даржадар. |
Gen | 11 | 10 | 10 | ХӀара ду Шимин тӀаьхьенах хилларг. Дала хӀокху дуьненна тӀера массо а хӀума, адам хӀаллакдеш даийтина хи дӀадаьллачул тӀаьхьа, ши шо даьлча, Шимин бӀе шо кхаьчнера. Цу хенахь цуьнан кӀант Арпахшад хилира. |
Gen | 11 | 11 | 11 | Арпахшад хиллачул тӀаьхьа Шима кхин а пхи бӀе шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира. |
Gen | 11 | 12 | 12 | Арпахшадан ткъе пхийтта шо кхаьчча, цуьнан Селахь хилира. |
Gen | 11 | 13 | 13 | Селахь хиллачул тӀаьхьа Арпахшад диъ бӀе кхаа шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира. |
Gen | 11 | 14 | 14 | Селахьан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан хилира кӀант Ӏебар. |
Gen | 11 | 15 | 15 | Ӏебар хиллачул тӀаьхьа Селахь диъ бӀе кхаа шарахь вехира, кхин кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш. |
Gen | 11 | 16 | 16 | Ӏебаран ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант ПалагӀ хилча. |
Gen | 11 | 17 | 17 | ПалагӀ хиллачул тӀаьхьа Ӏебар диъ бӀе а ткъе итт шарахь вехира. Цуьнан а кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. |
Gen | 11 | 18 | 18 | ПалагӀан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан Рахьу хилира. |
Gen | 11 | 19 | 19 | Рахьу хиллачул тӀаьхьа ПалагӀ ши бӀе исс шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира. |
Gen | 11 | 20 | 20 | Рахьун ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант СерагӀ хилча. |
Gen | 11 | 21 | 21 | СерагӀ хиллачул тӀаьхьа Рахьу вехира ши бӀе ворхӀ шарахь. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира. |
Gen | 11 | 22 | 22 | Ткъе итт шо кхаьчча, СерагӀан хилира кӀант Нахьир. |
Gen | 11 | 23 | 23 | Нахьир хиллачул тӀаьхьа СерагӀ вехира шина бӀе шарахь, кхин а кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш. |
Gen | 11 | 24 | 24 | Нахьиран ткъе исс шо кхаьчча, цуьнан кӀант ТӀахьир хилира. |
Gen | 11 | 25 | 25 | ТӀахьир хиллачул тӀаьхьа Нахьир вехира цхьа бӀе ткъайоьсна шарахь. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира цуьнан. |
Gen | 11 | 26 | 26 | ТӀахьиран кхузткъе итт шо кхаьчначул тӀаьхьа, цуьнан хилира кӀентий Ибрам, Нахьир, ХӀарон. |
Gen | 11 | 27 | 27 | ХӀара ду ТӀахьиран тӀаьхьенах хилларг. ТӀахьиран кӀентий хиллера Ибрам а, Нахьир а, ХӀарон а. ТӀаккха ХӀаронан кӀант ЛутӀа хилира. |
Gen | 11 | 28 | 28 | ХӀарон дӀакхелхира ша винчу Хашад-махкара Ур-гӀалахь, шен да ТӀахьир дуьненчохь а волуш. |
Gen | 11 | 29 | 29 | Ибрама а, Нахьира а шайна зударий балийра. Ибраман зудчун цӀе Сарет яра, ткъа Нахьиран зудчун цӀе Малкан яра. Малкан а, Йиска а ХӀаронан ши йоӀ яра. |
Gen | 11 | 30 | 30 | Сарет доьзалхо хуьлуш яцара, цуьнан цхьа а бер дацара. |
Gen | 11 | 31 | 31 | ТӀаккха ТӀахьир, шеца шен кӀант Ибрам, шен кӀентан ХӀаронан кӀант ЛутӀа а, нус Сарет а (шен кӀентан Ибраман зуда), эцна, Хашад-махкара Ур-гӀалара КанаӀан-махка ваха аравелира. Амма ХӀаран-гӀала кхаьчча, цигахь севцира уьш. |
Gen | 11 | 32 | 32 | ХӀаран-гӀалахь шен ши бӀе пхи шо долуш ТӀахьир дӀакхелхира. |
Gen | 12 | 1 | 1 | Везачу Эло элира Ибраме: «Хьайн мохк а, халкъ а, ден цӀа а дӀа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дӀагӀо. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.