osis_id stringclasses 66
values | chapter int64 1 150 | start_verse int64 1 176 | end_verse int64 1 176 | text stringlengths 10 678 |
|---|---|---|---|---|
Gen | 12 | 2 | 2 | Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду, хьо декъал а вийр ву, хьан цӀе а ойур ю, наха а хьан цӀарца вовшийн декъалбийр бу. |
Gen | 12 | 3 | 3 | Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неӀалт а эр ду хьуна неӀалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду». |
Gen | 12 | 4 | 4 | Везачу Элан лаам кхочушбеш, ХӀаран-гӀалара дӀавахара Ибрам. Цуьнца ЛутӀа а вахара. Ибраман цу хенахь кхузткъе пхийтта шо дара. |
Gen | 12 | 5 | 5 | Цо шен зуда Сарет а, вешин кӀант ЛутӀа а вигира шеца. ХӀаранехь ша да мел волу хӀума схьаийцира цо. Шен долахь болу леш а дӀабигира цо. Ибрам а, цуьнца берш а, ХӀаран-гӀала дӀа а тесна, КанаӀан цӀе йолчу махка баьхкира. |
Gen | 12 | 6 | 6 | Цу махкахула дӀа а вахана, Шехем цӀе йолу гӀала йолчу а, МорахӀ цӀе йолу ножан деза дитт долчу а кхечира Ибрам. Цу лаьтта тӀехь Ӏаш бара канаӀанхой. |
Gen | 12 | 7 | 7 | Ибрамна хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ХӀара латта Ас хьан тӀаьхьенна дӀалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь. |
Gen | 12 | 8 | 8 | Цигара дӀа а вахана, Бетал-гӀалина малхбалехьа долчу лаьмнашка велира Ибрам. Цигахь цо шен четар дӀахӀоттийра. И волчуьра малхбузехьа лаьтташ Бетал-гӀала яра, малхбалехьа ГӀай-гӀала яра. Цу меттехь кхин а цхьа сагӀа доккху меттиг а кечйина, Ибрам Везачу Эле кхайкхира. |
Gen | 12 | 9 | 9 | Юха, новкъаваьлла, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арехьа кхидӀа а вахара иза. |
Gen | 12 | 10 | 10 | ЧӀогӀа мацалла хӀоьттира цу махкахь, цундела Ибрам ваха Мисар-махка дӀавахара. |
Gen | 12 | 11 | 11 | Шаьш Мисар-махка дӀакхочуш, цо элира шен зудчуьнга Сарете: «Суна хаьа хьо хаза зуда юйла. |
Gen | 12 | 12 | 12 | Мисархошна хьо гича, цара эр ду: „Иза цуьнан зуда ю“. Цара со вуьйр ву, хьо шайна йитархьама. |
Gen | 12 | 13 | 13 | Хьо сан йиша ю ала цаьрга, тӀаккха цара со вуьйр вац. Со хьан ваша ву моьттуш, уьш соьца дика хир бу, ткъа ахь сан са кӀелхьардоккхур ду». |
Gen | 12 | 14 | 14 | Иштта хила а хилира иза. Ибрам Мисар-махка веача, мисархошна Саретан хазалла гира. |
Gen | 12 | 15 | 15 | ПирӀунна гонах болчу элашна а гира Сарет. Цара пирӀуне элира, иза исбаьхьа зуда ю аьлла. ПирӀуно иза шен цӀийне схьаялаяйтира. |
Gen | 12 | 16 | 16 | Ибрам Саретан ваша ву моьттуш, пирӀун цуьнца дика вара. Цо Ибрамна дуккха а даьхни а, уьстагӀий а, варраш а, эмкалш а, ялхой-божарий а, ялхой-зударий а белира. |
Gen | 12 | 17 | 17 | Амма Ибраман зуда Сарет дӀайигар бахьана долуш, Везачу Эло хала цамгарш яхкийтира пирӀунна а, цуьнан чохь болчарна а тӀе. |
Gen | 12 | 18 | 18 | ТӀаккха, Ибрам схьа а кхайкхина, элира пирӀуно: «ХӀара хӀун ду ахь суна динарг? Сарет хьайн зуда ю хӀунда ца элира ахь? |
Gen | 12 | 19 | 19 | Иза хьайн йиша ю ахь аьлча, сайна йига дагахь хиллера со. ХӀара ю хьуна хьан зуда, иза, схьа а эций, дӀагӀо кхузара!» – аьлла. |
Gen | 12 | 20 | 20 | Шен ялхошка, Ибрам Мисарара араваккха аьлла, омра дира пирӀуно. Цара Ибрам, шен зуда а, дерриг а шен долахь дерг а эцна, дӀахьажийра цигара. |
Gen | 13 | 1 | 1 | Шен зуда а, берриг а бахам а эцна, Мисар-махкара НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахула дӀавахара Ибрам. Цуьнца цхьаьна ЛутӀа а вара. |
Gen | 13 | 2 | 2 | Ибрам цу хенахь чӀогӀа хьал долуш вара, цуьнан дуккха а даьхни а, дети а, деши а дара. |
Gen | 13 | 3 | 3 | КхидӀа а шен некъ беш, НегӀаб-арара дӀа а вахана, Бетал-гӀала веара иза. Бетал-гӀалина а, ГӀай-гӀалина а юккъехь ша хьалха шен доьзалца Ӏийначу метте юхавеара иза. |
Gen | 13 | 4 | 4 | Цигахь хьалха ша сагӀа доккху меттиг кечйиначохь Везачу Эле кхайкхира иза. |
Gen | 13 | 5 | 5 | Ибрамна юххехь волчу ЛутӀин дуккха а уьстагӀий а, бежанаш а, дӀахӀиттийна четарш а дара. |
Gen | 13 | 6 | 6 | Цу шиннан даьхни дукха хиларна, уьш Ӏачу лаьтта тӀе иза тар ца лора. |
Gen | 13 | 7 | 7 | Ибраман а, ЛутӀин а Ӏуй вовшашца къийса буьйлабелира. Ткъа цигахь, цул сов, цу хенахь бехаш канаӀанхой а, перезахой а бара. |
Gen | 13 | 8 | 8 | ТӀаккха Ибрама элира ЛутӀе: «Товш дац вайшинна а, вайн Ӏуьнашна а вовшашца къийсадала, хӀунда аьлча вай вежарий ду. |
Gen | 13 | 9 | 9 | ДӀасакъаьстар ду вай. Хьайна луъу меттиг харжа. Нагахь хьо аьрру агӀор гӀахь, со аьтту агӀор гӀур ву, нагахь хьо аьтту агӀор гӀахь, со аьрру агӀор гӀур ву». |
Gen | 13 | 10 | 10 | ДӀахьаьжначу ЛутӀина Йордан-хи догӀу ерриг а меттиг гира. (Иза дара Везачу Эло Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а йохаяле.) Цу хенахь Йорданан тогӀи ЦӀоӀар-гӀалина тӀекхаччалц Везачу Элан беш санна яра. Мисар-махкахь санна, дика дара цигара латта. |
Gen | 13 | 11 | 11 | ЛутӀас шена Йорданан тогӀи хаьржира. И шиъ дӀасакъаьстира: ЛутӀа малхбалехьа вахара, |
Gen | 13 | 12 | 12 | ткъа Ибрам КанаӀан-махкахь висира. ЛутӀа тогӀи чохь йолчу гӀаланашна юккъехь ваха хиира. Седамана тӀекхаччалц дӀа а вахана, шен четарш хӀиттийра цо. |
Gen | 13 | 13 | 13 | Седаман бахархой чӀогӀа зуламе а, Везачу Элана хьалха къинош летийна а бара. |
Gen | 13 | 14 | 14 | ЛутӀа дӀакъаьстинчул тӀаьхьа Везачу Эло элира Ибраме: «ДӀасахьажал гонах, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбалехьа а, малхбузехьа а хьажал. |
Gen | 13 | 15 | 15 | Дерриг а хьуна гуш долу хӀара латта Ас хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀалур ду. |
Gen | 13 | 16 | 16 | Ас алсамйоккхур ю хьан тӀаьхье, Лаьтта тӀера гӀум санна, дукха хир бу уьш. Нагахь санна гӀамаран буьртигаш дагарлург хилча, хьан тӀаьхьенаш а ягарлур яра. |
Gen | 13 | 17 | 17 | ДӀавалуо, хьайн лаьтта тӀехула йохалла а, шоралла а волалуо, хӀунда аьлча хьуна дӀало Ас иза». |
Gen | 13 | 18 | 18 | Шен четарш дӀа а оьзна, Мамари долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь, Хьеврон-гӀалина гена воцуш, ваха охьахиира Ибрам. Цигахь Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг а кечйира цо. |
Gen | 14 | 1 | 1 | Амрапал ШанӀар-мехкан паччахь вара, Арихан Эласар-мехкан паччахь вара, Кедирал-Ӏумар Ӏейлам-мехкан паччахь вара, ткъа Тида-Ӏела Гойим цӀе йолчу къоман паччахь вара. |
Gen | 14 | 2 | 2 | И массо а паччахьаш тӀамца дуьхьалбахара Седам-гӀалин паччахьна БераӀна а, Ӏамор-гӀалин паччахьна БиршаӀна а, Удам-гӀалин паччахьна Шани-Абуна а, ЦӀабайма-гӀалин паччахьна Шима-Ибарина а, БулаӀ-гӀалин (хӀинца ЦӀоӀар-гӀала цӀе йолчу) паччахьна а. |
Gen | 14 | 3 | 3 | Кхара шайн эскарш цхьаьнатуьйхира Сидим цӀе йолчу тогӀи чохь, хӀинца Дуьра хӀорд лаьттачохь. |
Gen | 14 | 4 | 4 | Шийтта шарахь Кедирал-Ӏумар цӀе йолчу паччахьан куьйга кӀелахь бара уьш, кхойтталгӀачу шарахь цунна дуьхьал гӀевттира и паччахьаш. |
Gen | 14 | 5 | 5 | ДейтталгӀачу шарахь Кедирал-Ӏумар а, цуьнца болу паччахьаш а тӀамца царна дуьхьал а бевлла, Ӏаштерот-Кхарнаимехь репаш цӀе йолу къам а, Хьамехь зузамхой а, Шаве-Кхиръятимехь эймимахой а, |
Gen | 14 | 6 | 6 | СеӀир-лаьмнашкахь Ӏаш болу хьорихой а, яьссачу аренца доза долчу Эл-Парана тӀекхаччалц долу къаьмнаш эшийра. |
Gen | 14 | 7 | 7 | Цул тӀаьхьа Кедирал-Ӏумара, къилбаседехьа юха а вирзина, Ӏейн-Мишпате (хӀинца Кхадеш олучу метте) а веана, Ӏамалекхахой олучу къомана тӀехь толам баьккхира, цул сов, Хьаццон-Тамарехь Ӏаш болу эмархой эшийра. |
Gen | 14 | 8 | 8 | Седаман а, Ӏаморан а, Удаман а, ЦӀабаймин а, (хӀинца шех ЦӀоӀар олучу) БулаӀан а паччахьаш цхьаьна а кхетта, шайн мостагӀашца тӀом бан Сидим олучу тогӀи чу биссира. |
Gen | 14 | 9 | 9 | Уьш тӀом беш бара Ӏейламарчу паччахьца Кедирал-Ӏумарца а, гойимхойн паччахьца Тида-Ӏелица а, ШанӀар-махкарчу паччахьца Амрапалаца а, Эласар-махкарчу паччахьца Ариханца а. Виъ пхеанна дуьхьал. |
Gen | 14 | 10 | 10 | Сидим-тогӀи чохь дуккха а оьрнаш дара шайна чохь силам долуш. Седамера а, Ӏаморера а паччахьаш бевдча, дуккха а тӀемалой цу оьрнаш чу ийгира, вуьш лаьмнашкахь къайлабевлира. |
Gen | 14 | 11 | 11 | ТӀаккха Седамера а, Ӏаморера а бахархойн долахь дерг а, тӀаьхьалонна дӀадиллинарг а – дерриг а, схьа а эцна, дӀабахара мостагӀий. |
Gen | 14 | 12 | 12 | Ибраман вешин кӀант ЛутӀа Седамехь Ӏаш вара. Иза йийсаре вигира, цуьнан берриг а бахам мостагӀаша дӀабаьхьира. |
Gen | 14 | 13 | 13 | КӀелхьарваьллачу цхьаммо вахана Ӏебаран тӀаьхьенах волчу Ибраме дийцира хиллачух лаьцна. Цу хенахь Ибрам Мамарин долахь долу ножан деза дитташ долчохь Ӏаш вара. Эмархо волчу Мамарис а, цуьнан вежарша Ашкула а, Ӏанурис а барт бинера шайна юкъахь а, Ибрамца а, вовшийн гӀо дийр ду аьлла. |
Gen | 14 | 14 | 14 | ЛутӀа дӀалаьцна ву аьлла хезча, шен хӀусамехь кхиъна волу кхо бӀе берхӀитта ялхо герзашца кеч а вина, Дан-гӀали тӀекхаччалц мостагӀа эккхийна вахара Ибрам. |
Gen | 14 | 15 | 15 | Бекъа а белла, цу буссехь мостагӀашна тӀе а летта, уьш лаьхкина Дамасакх-гӀалина къилбаседехьа йолчу, Хьоба цӀе йолчу метте кхаччалц дӀабигира цара. |
Gen | 14 | 16 | 16 | МостагӀаша дӀабаьккхина хилла болу бахам а, зударий а, ялхой а, шен бахамца цхьаьна ЛутӀа а – дерриг а юхадерзийра Ибрама. |
Gen | 14 | 17 | 17 | Кедирал-Ӏумар а, цуьнца болу паччахьаш а эшийна, цӀа вирзира Ибрам. Шех хӀинца Паччахьан тогӀи олучу, Шаву цӀе йолчу тогӀи чохь цунна дуьхьалвеара Седаман паччахь. |
Gen | 14 | 18 | 18 | Веза Воккхачу Делан динан да волу Шалейм-гӀалин паччахь Малки-ЦӀадакъа велира, бепиг а, чагӀар а эцна, Ибрамна дуьхьал. |
Gen | 14 | 19 | 19 | Ибрам декъал а веш, цо элира: «Ибрам! Стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Дала декъалвойла хьо. |
Gen | 14 | 20 | 20 | Хьан мостагӀий эшо хьуна гӀо динчу Веза Воккхачу Далла хастам бер вай». ТӀамехь даьккхинчух уьтталгӀа дакъа Малки-ЦӀадакъина дӀаделира Ибрама. |
Gen | 14 | 21 | 21 | ТӀаккха Седаман паччахьо элира Ибраме: «Даьккхина хьал хьайна а дитий, мостагӀчо дӀалаьцна хилла болу сан нах схьалохьа». |
Gen | 14 | 22 | 22 | Амма Ибрама Седаман паччахьна жоп делира: «Везачу Элана, стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Далла хьалха дӀакховдийначу куьйгаца чӀагӀо йо ас, |
Gen | 14 | 23 | 23 | хьан долахь долчух цхьа хӀума, ур-атталла тай я мачин бахтар а схьаоьцур дац аьлла. Суна ца лаьа хьоьга алийта: „Аса Ибрам ваха хаийна“. |
Gen | 14 | 24 | 24 | Ас схьаоьцун берг сан кегийрхоша биина кхача бу, амма соьца хиллачу нахана догӀу дакъа дӀадала деза ахьа. Ӏанурина а, Мамарина а, Ашкуланна а догӀург дӀало». |
Gen | 15 | 1 | 1 | И дерриг а хиллачул тӀаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хӀоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Ӏалашвен йолу гӀап ю. Ас хьуна ден долу совгӀат а доккха ду». |
Gen | 15 | 2 | 2 | Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Со ирс долуш хилийта хӀумма а лойла дац хьан, хӀунда аьлча сан кӀант вац. Цундела со велча, сан лена, Дамасакхера ЭлиӀазарна, кхочур ду дерриг а сан долахь дерг. |
Gen | 15 | 3 | 3 | Ахьа кӀант ца велла суна, – элира Ибрама, – цундела сан цӀа чохь вина лай хир ву сан тӀаьхье дӀакхоьхьуш верг». |
Gen | 15 | 4 | 4 | ТӀаккха Везачу Эло элира Ибраме: «Хьан дерг дерриг а оцу лена кхочур дац. Хьан кӀант хир ву, цунах хьан тӀаьхье а хир ю». |
Gen | 15 | 5 | 5 | Цул тӀаьхьа, Ибрам четар кӀелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДӀахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тӀаьхье». |
Gen | 15 | 6 | 6 | Ибрам тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира. |
Gen | 15 | 7 | 7 | Дала элира Ибраме: «Хьо Хашад-махкара Ур-гӀалара араваьккхина Веза Эла ву Со. Иза Аса дина хӀара латта хьуна дӀадалархьама, хьоьга цуьнан дола дайта». |
Gen | 15 | 8 | 8 | Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Суна муха хуур ду хӀара латта сан дуйла?» |
Gen | 15 | 9 | 9 | Везачу Эло элира Ибраме: «Суна лерина кхо шо кхаьчна шинар а, кхо шо кхаьчна газа а, кхо шо кхаьчна уьстагӀ а, кхокха а, къоркхокха а ба». |
Gen | 15 | 10 | 10 | И дийнаташ Везачу Элана хьалха схьа а далийна, царна урс а хьаькхна, юккъехула шина декъе а декъна, церан эхаш дуьхь-дуьхьал охьаехкира Ибрама. Кхокхарчий ца дийкъира цо шина декъе. |
Gen | 15 | 11 | 11 | Дукха хан ялале цу бежанийн чархашна тӀелетира дера олхазарш, амма Ибрама дӀалаьхкира уьш. |
Gen | 15 | 12 | 12 | Малх чубузучу хенахь Ибрамна чӀогӀа наб кхийтира. ГӀенах инзаре кхерам бахьаш бода хӀоьттира цунна гонах. |
Gen | 15 | 13 | 13 | Везачу Эло элира цуьнга: «Хаалахь, хьан тӀаьхьенах берш хийрачу махкахь тӀебаьхкина нах а хилла Ӏийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бӀе шарахь леш а бина, Ӏазапехь латтор бу уьш. |
Gen | 15 | 14 | 14 | Амма Аса таӀзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тӀаьхьа хьан тӀаьхьенах болу нах цу махкара дӀагӀур бу, дуккха а хьал а эцна. |
Gen | 15 | 15 | 15 | Хьо а, кхелхина, хьайн дайшна тӀе дӀагӀур ву са паргӀатдаьлла, кӀорггера хенара а волуш дӀа а вуллур ву. |
Gen | 15 | 16 | 16 | Йиъ тӀаьхье чекхъяьлча, хьан халкъ кху лаьтта тӀе юхадогӀур ду, хӀунда аьлча кхузахь Ӏаш долчу эмар-халкъан харцонийн барам кхочушхилла бац хӀинца а». |
Gen | 15 | 17 | 17 | Малх чубуьзначул тӀаьхьа чӀогӀа бода хӀоьттира. ЦӀеххьана шена чуьра кӀур хьалаоьху кад а, цӀеран хаьштиг а чекхделира екъначу бежанашна юккъехула. |
Gen | 15 | 18 | 18 | Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тӀаьхьенна дӀалур ду хӀара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀера сийлахьчу Эпрат-хина тӀекхаччалц, |
Gen | 15 | 19 | 19 | кхенахойн а, кхеназхойн а, кхадманахойн а, |
Gen | 15 | 20 | 20 | хьетахойн а, перезахойн а, репахойн а, |
Gen | 15 | 21 | 21 | эмархойн а, канаӀанхойн а, гӀиргӀашийн а, явсайхойн а латта», – аьлла. |
Gen | 16 | 1 | 1 | Ибраман зудчун Саретан бер ца хуьлура. Саретан Мисар-махкара ялхо яра, ХӀажар цӀе а йолуш. |
Gen | 16 | 2 | 2 | Сарета элира Ибраме: «Везачу Эло суна бер ца делла, цундела сан ялхочуьнца дӀавижа веза хьо. Иза доьзалхочух хилахь, цуьнгахула бер хир ду сан». Ибрама шен зудчуьнга ладуьйгӀира. |
Gen | 16 | 3 | 3 | И дерриге хилира Ибрама КанаӀан-махкахь итт шо даьккхинчул тӀаьхьа. Сарета шен майрачунна Ибрамна Мисар-махкара ялхо ХӀажар елира, цунах зуда яйта. |
Gen | 16 | 4 | 4 | Ибрамах доьзалхочух хилира ХӀажар. Цу бахьаненна куралла а йина, Саретал ша лакхара хийтира цунна. |
Gen | 16 | 5 | 5 | ТӀаккха Сарета элира Ибраме: «Со дегабаам болуш хиларна бехке хьо ву. Аса сайн ялхо хьуна елира, ткъа хӀинца ша доьзалхочух хилча, сол а лакхара хета цунна. Везачу Эло къастадойла, тхойшиннах нийса мила ю». |
Gen | 16 | 6 | 6 | Ибрама элира Сарете: «Иза хьан ялхо ю, цуьнца хьайна луъург де», – аьлла. Сарета чӀогӀа ницкъ бора ХӀажарна, цундела иза Сарет йолчуьра едира. |
Gen | 16 | 7 | 7 | Везачу Элера долчу маликана Шур-гӀала боьдучу новкъахь, шовданан йистехь, яьссачу арахь карийра ХӀажар. |
Gen | 16 | 8 | 8 | Малико элира: «Саретан ялхо ХӀажар, хьо стенгара еана, стенга йоьду?» ХӀажара жоп делира: «Со Сарет йолчуьра едда йогӀу». |
Gen | 16 | 9 | 9 | Везачу Элан Малико элира ХӀажаре: «Хьайн хӀусамнана йолчу цӀа а гӀой, цуьнга ладугӀуш хила». |
Gen | 16 | 10 | 10 | Юха а элира цуьнга Везачу Элан Малико: «Ас, тӀаьхь-тӀаьхьа дебош, ягар ца яллал дукха тӀаьхье хуьлуьйтур ю хьан». |
Gen | 16 | 11 | 11 | Кхин а тӀетуьйхира Везачу Элан Малико: «ХӀажар, хьо хӀинца доьзалхочух ю, хьан кӀант хир ву. Ахьа цуьнан цӀе ИсмаьӀал туьллур ю (иза „Далла хеза“ бохург ду). Везачу Элана хаза ма хезара хьуна ницкъ беш. |
Gen | 16 | 12 | 12 | ИсмаьӀал, акха вир санна, аьрха а, шен лаамехь а хир ву, иза массарна а дуьхьал хир ву, массо а цунна дуьхьал а хир ву. Шен вежаршца мостагӀалла долуш Ӏийр ву иза». |
Gen | 16 | 13 | 13 | ХӀажара шеца къамел динчу Везачу Элан керла цӀе яьккхира, цо элира: «Со гуш волу Дела ву Хьо». Цо иза элира, хӀунда аьлча ша ойла йина дела: «Баккъалла а гиний теша суна со гуш Верг?» |
Gen | 16 | 14 | 14 | Цундела Кхадеш олучу меттигна а, Баред-гӀалина а юккъехь йолчу цу гӀунах олу «Дийначу, со гуш волчун гӀу» (Ӏебархойн маттахь: «Беар-лахьай-рои»). |
Gen | 16 | 15 | 15 | ХӀажара Ибрамна кӀант вира, Ибрама цуьнан цӀе ИсмаьӀал тиллира. |
Gen | 16 | 16 | 16 | Ибраман дезткъе ялх шо дара, ХӀажара ИсмаьӀал вича. |
Gen | 17 | 1 | 1 | Ибраман дезткъе ткъайоьсна шо дара, Везачу Эло, хьалха а хӀоьттина, цуьнга аьлча: «Со Нуьцкъала Дела ву, Суна Ӏамал а е, хьанал ваха, |
Gen | 17 | 2 | 2 | ткъа Аса вайшинна юкъахь барт а бина, хьан халкъ алсамдоккхур ду». |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.