osis_id
stringclasses
66 values
chapter
int64
1
150
start_verse
int64
1
176
end_verse
int64
1
176
text
stringlengths
10
678
Gen
17
3
3
ТӀаккха Ибрам Далла хьалха суждана вахара. Дала кхидӀа а элира цуьнга:
Gen
17
4
4
«ХӀара ду вайшиммо барт барехь Аса тӀелоцун дерг: Аса хьо дукхачу къаьмнийн да вийр ву.
Gen
17
5
5
Аса хьан цӀе хуьйцур ю: хьан цӀе Ибрам хир яц, ИбрахӀим хир ю, хӀунда аьлча Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вийр ву.
Gen
17
6
6
Аса хьан дукха тӀаьхьенаш хуьлуьйтур ю – хьох схьадевр ду керла къаьмнаш, схьабевр бу паччахьаш.
Gen
17
7
7
Гуттаренна а хьан тӀаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тӀаьхьенийн а Дела хир ву.
Gen
17
8
8
Хьо тӀевеана лелаш волу КанаӀан-мохк берриг а хьуна дӀалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀа а лур бу, церан Дела а хир ву Со».
Gen
17
9
9
Дала элира ИбрахӀиме: «Ткъа хӀара вайшиммо барт барехь ахьа тӀелоцун дерг ду: ахьа а, хьан тӀаьхьенаша а Сан хьоьца хилла барт ларбан беза.
Gen
17
10
10
Суна а, хьуна а юкъахь болу, ахьа а, хьан тӀаьхьенаша а ларбан беза барт хӀара бу: массо а шун божарий сунтбина хила беза.
Gen
17
11
11
Шайн бехкечу меттера сов долу чкъор дӀахададе – иза вайна юкъарчу бертан билгало хир ю.
Gen
17
12
12
КӀентан бархӀ де кхаьчча, аша иза сунтван веза. ХӀора шайна вина волу кӀант а, шаьш эцна лай а аша сунтван веза.
Gen
17
13
13
Хьан цӀа чохь винарг а, ахь дети а делла эцнарг а сунтвина хила веза билггала. Шун догӀмаш тӀехь йолчу оцу билгалоно гойтуш болу Соьца бина барт тӀейогӀучу хенахь гуттара а хир бу.
Gen
17
14
14
Муьлхха а сунт ца веш висина боьрша стаг шен халкъо дӀатосур ву, хӀунда аьлча цо Соьца болу барт бохийна».
Gen
17
15
15
Дала элира ИбрахӀиме: «Аса хьан зудчунна Саретана керла цӀе туьллур ю. И цӀе хир ю Сарат.
Gen
17
16
16
Иза декъал а йина, цунна кӀант лур ву Аса. Цу кӀентан да хьо хир ву. Сарат дуккха а халкъийн нана хир ю, цунах паччахьаш схьабевр бу».
Gen
17
17
17
ИбрахӀим бертал вуьйжира, дагахь вела а воьлуш, цо бохура ша-шега: «БӀе шо кхаьчначу сан кӀант хир ву-те? Я дезткъе итт шо кхаьчначу Сарата бер дийр ду-те?»
Gen
17
18
18
ТӀаккха ИбрахӀима элира Деле: «ИсмаьӀал мукъана а вахахьара, Ахьа декъал а вина».
Gen
17
19
19
Дала элира: «Билггала хьан зудчо Сарата вийр ву хьуна кӀант, ахьа цуьнан цӀе Исхьакх туьллур ю. Аса цуьнца Сайн барт бийр бу, цуьнан ерриг а тӀаьхьенашна гуттаренна а болу барт хир бу иза.
Gen
17
20
20
Суна хезира ахьа ИсмаьӀалан цӀе йоккхуш. Аса иза декъалвийр ву, цуьнан дукха тӀаьхьенаш хир ю. Шийтта сийлахьчу элан да хир ву иза, цунах схьадер ду доккха халкъ.
Gen
17
21
21
Амма Сарата хьуна тӀедогӀучу шарахь хӀоккху хенахь вен волчу кӀантаца Исхьакхаца бийр бу Аса Сайн барт».
Gen
17
22
22
ИбрахӀимца къамел чекх а даьккхина, Дела и волчуьра дӀавахара.
Gen
17
23
23
ИсмаьӀал а, шен хӀусамехь бина болу а, ахча делла эцна болу а леш а, берриг а божарий а, кӀентий а схьа а балийна, уьш сунтбира ИбрахӀима. Дала иза шега аьллачу дийнахь уьш сунтбира цо.
Gen
17
24
24
ИбрахӀиман дезткъе ткъайоьсна шо дара иза сунтвинчу дийнахь.
Gen
17
25
25
Цуьнан кӀентан ИсмаьӀалан кхойтта шо дара цу хенахь.
Gen
17
26
26
ИбрахӀим а, цуьнан кӀант а цхьана дийнахь сунтвира.
Gen
17
27
27
Цу дийнахь сунтбира ИбрахӀиман хӀусамехь болу массо а божарий: цуьнан цӀа чохь бина леш а, цо эцна леш а.
Gen
18
1
1
Веза Эла юха а ИбрахӀимна дуьхьалхӀоьттира. Мамарин долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь вехаш вара ИбрахӀим. Де дохделлачу хенахь шен четар кӀелахь, араволучу меттехь, Ӏаш вара иза.
Gen
18
2
2
Хьалахьаьжначу цунна гира гена воццуш хьалха лаьтта кхо стаг. Уьш а гина, дуьхьалведда, лохха царна хьалха охьатаьӀира ИбрахӀим.
Gen
18
3
3
«Эла! – элира ИбрахӀима, – Хьо суна реза велахь, доьху хьоьга, хьайн ялхо волчохь жимма сацахь.
Gen
18
4
4
Аса шун когаш била хи а доуьйтур ду, оцу дитта кӀел садаӀа меттиг а ю шуна.
Gen
18
5
5
Шайн догӀмашкахь гӀора хилийта сан кхачанах кхетахьара шу, юха кхидӀа а некъ бийр бара аша, шайн ялхо волчу шу даьхкина хилча». Цара элира: «Дика ду, ахь ма-бохху дийр ду оха».
Gen
18
6
6
Юха сихонца четар кӀел а вахана, Сарате элира ИбрахӀима: «Сихо яй, кхо бога тоьллачу демах бод хьакхабай, совсаза долу бепиг де».
Gen
18
7
7
ТӀаккха, цигара араиккхина, ведда шен даьхни долчу вахара иза. Уггар тоьлла долу эса а хаьржина, ялхочуьнга и дӀа а делла, цунна сихонца урс а хьакхий, жижиг кечде, элира цо.
Gen
18
8
8
Кечдина жижиг а, шура а, нехча а, схьа а еана, кхаа стагана хьалха хӀоттийра ИбрахӀима, ткъа ша царна уллохь дитта кӀелахь сецира, уьш хӀума юуш болчу юкъана.
Gen
18
9
9
Цара хаьттира ИбрахӀиме: «Хьан зуда Сарат мичахь ю?» «Кхузахь, четар кӀелахь ю иза», – элира ИбрахӀима.
Gen
18
10
10
«Со бӀаьста юхавогӀур ву, – элира царах цхьаммо, – цу хенахь хьан зудчун Саратан кӀант хир ву». Царна тӀехьа лаьттачу четарна кӀелахь йолу Сарат ладугӀуш яра церан къамеле.
Gen
18
11
11
ИбрахӀим а, Сарат а чӀогӀа хенара дара, Сарат бер хуьлучу хенара яьллера.
Gen
18
12
12
Ела а йоьлуш, ша-шега бохура цо: «Со къена ю, сан майра а ву къена. Оьший-те суна и ирс?»
Gen
18
13
13
ТӀаккха Везачу Эло элира ИбрахӀиме: «Сарата, ела а йоьлуш, хӀунда боху, шен бер хир дуй-те, ша къена ма ю?
Gen
18
14
14
Везачу Элана дан хала хӀумма а дуй? ХӀан-хӀа! Айса ма-аллара, Со бӀаьста юхавогӀур ву, цу хенахь Саратан кӀант хир ву».
Gen
18
15
15
Сарата элира: «Со йоьлуш яцара!» Ша кхераелла дела элира цо иштта. Амма Везачу Эло элира: «ХӀан-хӀа, хьо елаелира».
Gen
18
16
16
ТӀаккха божарий, хьала а гӀевттина, лакхара чухьаьвсича, Седам-гӀала гун йолчу метте бахара. Уьш новкъабаха тӀаьхьавелира ИбрахӀим.
Gen
18
17
17
Везачу Эло элира Ша-шега: «Со дан воллург Ас ИбрахӀимах лачкъор дац.
Gen
18
18
18
ИбрахӀимах доккха а, нуьцкъала а халкъ схьадер ду, дуьнен чуьра дерриг а халкъаш цуьнгахула декъал а хир ду.
Gen
18
19
19
Аса ИбрахӀим хаьржина, цуьнга весет дайтархьама шен берашка а, тӀаьхьенашка а, Везачу Элана ма-лаъара, нийсонца а, хьанал а даха аьлла. ТӀаккха Везачу Эло Ша дийр ду аьлларг дерриг а дийр ду цунна».
Gen
18
20
20
Юха Везачу Эло элира: «Седаман а, Ӏаморан а бахархошна дуьхьал аьрзнаш дукха ду, уьш къинойх буьзна бу аьлла.
Gen
18
21
21
Суна ма-хаззара гӀуллакхаш вон дуй хьожур ву Со, цига а вахана, тӀаккха хьал ма-дарра хуур ду Суна».
Gen
18
22
22
Божарий Седам-гӀала йолчухьа дӀабуьйлабелира, ткъа ИбрахӀим Везачу Элана хьалха лаьтташ вара.
Gen
18
23
23
Везачу Элана герга а веана, цо хаьттира: «Веза Эла, Хьайн лаамехь берш а, лаамехь боцучаьрца хӀаллакбан дага-м ца деана Хьуна?
Gen
18
24
24
ХӀун хаьа, цу гӀалахь шовзткъе итт Хьан лаамехь стаг вуйла? ХӀетте а и гӀала йохор ю Ахьа? Шовзткъе итт Хьан лаамехь волчу стеган дуьхьа цу гӀалех къинхетам бийр бац Ахьа?
Gen
18
25
25
Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гӀала а йохош, Хьан лаамехь верг хӀаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц – уьш массо а хӀаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?»
Gen
18
26
26
ТӀаккха Везачу Эло элира: «Нагахь Седам-гӀалахь Суна шовзткъе итт Сайн лаамехь волу стаг каравахь, церан дуьхьа Аса цу ерриг а гӀалех къинхетам бийр бу».
Gen
18
27
27
ИбрахӀима элира: «Новкъа Ӏуьллу чамхалган меха волу со Хьоьца къамел дан хӀутту, Хьалдолу Эла.
Gen
18
28
28
Масала, пхиъ тӀе а ца тоьъна, гӀалахь шовзткъе пхиъ бен Хьан лаамехь верг ца хилахь? И пхиъ тӀе ца тоьъна аьлла, ерриг а гӀала йохор ю Ахьа?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Нагахь Суна цигахь шовзткъе пхиъ Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса гӀала йохор яц».
Gen
18
29
29
Юха а хаьттира ИбрахӀима: «Ткъа Хьайна шовзткъа Хьан лаамехь волу стаг бен ца каравахь, йохор юй Ахьа и гӀала?» «Нагахь Суна шовзткъа Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса йохор яц и гӀала», – жоп делира Хьалдолчу Эло.
Gen
18
30
30
«Хьалдолу Эла, доьху Хьоьга суна оьгӀаз ца вахар, пурба лохьа Хьайга хатта: нагахь гӀалахь ткъе итт бен Хьан лаамехь стаг ца хилахь, йохор юй Ахьа иза?» – аьлла, хаьттира ИбрахӀима. «Нагахь Суна цигахь ткъе итт Сайн лаамехь стаг каравахь, Аса йохор яц иза», – жоп делира Хьалдолчу Эло.
Gen
18
31
31
ТӀаккха ИбрахӀима элира: «Волавеллачуьра кхин а хоттур дара аса, Хьалдолу Эла: нагахь гӀалахь Хьан лаамехь ткъа стаг хилахь?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Цу ткъа стеган дуьхьа а йохор яц».
Gen
18
32
32
Юха а вистхилира ИбрахӀим: «Хьалдолу Эла, оьгӀаз ма гӀахьара Хьо аса кхин цкъа а хаттарна: нагахь Хьуна итт Хьайн лаамехь волу стаг каравахь цу гӀалахь?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Итт стеган дуьхьа а йохор яц».
Gen
18
33
33
ИбрахӀимца долу къамел чекх а даьккхина, дӀавахара Веза Эла. ИбрахӀим а шен цӀа юхавирзира.
Gen
19
1
1
Сарахь и ши малик Седам-гӀала деара. ГӀалин кевна йистехь хиина Ӏаш вара ЛутӀа. Уьш шена гича, тӀе а вахана, царна хьалха горавуьйжира иза.
Gen
19
2
2
«Сан элий, ас доьху шуьга шайн ялхо волчу хӀусаме дахкар. Со волчохь когаш била а, буьйса яккха а меттиг хир ю, ткъа кхана шайн некъ кхидӀа а бер аша», – элира ЛутӀас. «ХӀан-хӀа, оха буьйса майданахь йоккхур ю», – элира цу шиммо.
Gen
19
3
3
Амма ЛутӀас чӀогӀа дехарна, иза волчу хӀусаме ван резахилира и шиъ. ЛутӀас царна яа хӀума кечйира, морза тохаза бепиг а деттира. Цара хӀума йиира.
Gen
19
4
4
Цу сарахь уьш дӀабийшале, Седам-гӀалара жимачо а, воккхачо а, массо а маьӀӀера схьа а веана, ЛутӀин цӀенна го бира.
Gen
19
5
5
Уьш маьхьарий детта буьйлабелира: «Мичахь ву хьо волчу сарахь веана ши стаг? Араваккха и шиъ. Оха царах зударий бийр бу!»
Gen
19
6
6
ЛутӀас, ара а ваьлла, шена тӀаьхьа неӀ тӀечӀегӀира.
Gen
19
7
7
Цо элира цу нахе: «Вежарий, ас доьху шуьга, зулам ма дахьара аша!
Gen
19
8
8
Боьрша стаг а вовзаза ши йоӀ ю сан. Ас и шиъ дӀалур ю шуна, царна шайна луъург де, амма ас доьху шуьга, оцу шина стагана зе ма дахьара аш. Уьш сан хӀусаме баьхкина бу, царах жоп дала декхарийлахь ву со».
Gen
19
9
9
Амма цӀенна го бинчу Седам-гӀалара божарша элира: «ДӀавала новкъара!» Вовшашка цара бохура: «Хьовсийша хӀокху тӀевеана волчу стаге, хӀара висинера вайна тӀехь кхел яза!» Цара элира цуьнга: «Ларлолахь, хьуна царначул алсам кхета мегаш ю хьуна!» Уьш ЛутӀина тӀегӀоьртира неӀ кагъян дагахь.
Gen
19
10
10
ЛутӀа волчу веанчу шина стага, дӀакхевдина, иза чоьхьа а такхийна, неӀ дӀакъевлира.
Gen
19
11
11
ТӀаккха арахь болчу нехан, жимачун а, воккхачун а, бӀаьрса дайира цара. ЧувогӀу неӀ лоьхуш, нах чӀогӀа гӀелбеллера.
Gen
19
12
12
Цу шина стага хаьттира ЛутӀе: «Хьан доьзалх кхин цхьа а вуй хӀокху гӀалахь Ӏаш? Я невцарий, я кӀентий, я йоӀарий – милла велахь а кху гӀалара араваккха.
Gen
19
13
13
Оха хӀара гӀала йохор ю, хӀунда аьлча Везачу Элана тӀекхоьхьуш кху гӀалара бахархошна дуьхьал дукха аьрзнаш ду. Цо дахкийтина тхо иза хӀаллакьян».
Gen
19
14
14
Ара а ваьлла, шен йоӀаршна тӀехьийзачу кӀенташна тӀевахара ЛутӀа. «Сиха кху гӀалара дӀагӀо, – элира цо, – Везачу Эло кестта йохор ю хӀара». Амма царна моьттура ЛутӀас забар йо.
Gen
19
15
15
ШолгӀачу дийнахь сатосучу хенахь маликаша сихвира ЛутӀа. «Кху гӀалина таӀзар дийр ду, – элира цара, – хьайн цӀахь йолу зуда а, ши йоӀ а схьа а эций, дӀагӀо кхузара. ГӀалахь дисахь, шу хӀаллакьхир ду».
Gen
19
16
16
Амма ЛутӀа шина даггахь вара, хӀоьттинчу хьолах дика ца кхетара иза. Амма Везачу Эло ЛутӀех къинхетам бира. Цундела цу шина малико иза а, цуьнан зуда а, ши йоӀ а, куьйгаш а лаьцна, гӀалех араяьккхира.
Gen
19
17
17
Уьш гӀалех арабевлча, цхьана малико элира: «ХӀинца довда, шайн синош кӀелхьардаха! ГӀалехьа юха ма хьовсалаш! Цхьана а меттехь тогӀи чохь ма совцалаш, лаьмнашка дӀагӀо, довдий. Нагахь совцахь, гӀалица цхьаьна хӀаллакьхир ду шу!»
Gen
19
18
18
Амма ЛутӀас элира цаьрга: «Элий, ас доьху шуьга сайга ладогӀар.
Gen
19
19
19
Соьца, шайн ялхочуьнца, чӀогӀа лараме ду шу. Аша сан дахар кӀелхьардаьккхи, амма со лаьмнашка вадалур вац. ДӀа а ца кхиъна, вала там бу со.
Gen
19
20
20
Кхузахь гена йоццуш цхьа жима гӀала ю, цига вахийтийша со. Цига дӀакхаьчча, кӀелхьарвер вара со, иза жима гӀала ма ю».
Gen
19
21
21
Малико элира ЛутӀе: «Дика ду, хьан дуьхьа ас йохор яц и гӀала,
Gen
19
22
22
амма сиха дӀавада цига, хӀунда аьлча айхьа хаьржинчу метте хьо кхаччалц, Седам-гӀала йохо йиш яц сан». (Цу гӀалин цӀе «Жиманиг» (Ӏебархойн маттахь «ЦӀоӀар») тиллира, ЛутӀас иза жима ю аьлла дела).
Gen
19
23
23
Малх хьалагӀаьттинера, ЛутӀа ЦӀоӀар-гӀали чу кхочуш.
Gen
19
24
24
Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гӀаланаш Седам а, Ӏамор а, стигалара цӀе а, саьнгал а чу а хецна.
Gen
19
25
25
Везачу Эло хӀаллакйира цигахь йолу гӀаланаш а, ерриг тогӀи а, дерриг ораматаш а, цу гӀаланашкахь Ӏийна дерриг адамаш а.
Gen
19
26
26
ЛутӀагӀар бевдда боьлхучу хенахь юхахьаьжначу цуьнан зудчух туьхан тӀулг хилира.
Gen
19
27
27
Цу дийнахь Ӏуьйрре гӀаьттина, Везачу Элана ша хьалха хӀуттучу метте вахара ИбрахӀим.
Gen
19
28
28
Лаха, тогӀи чу, хьаьжначу ИбрахӀимна лаьттара хьалабуьйлу буькъа, пешара болуш санна, кӀур гира.
Gen
19
29
29
Ша тогӀи чуьра гӀаланаш йохош, Шена ИбрахӀим дагахь волу дела, уьш йохале, цу гӀаланашкахь Ӏаш волу ЛутӀа араваьккхира Везачу Эло.
Gen
19
30
30
ЛутӀа ца ваьхьара ЦӀоӀар-гӀалахь Ӏан, цундела шен шина йоӀаца лаьмнашка дӀавахара иза. Уьш цигахь цхьана хьеха чохь Ӏаш бара.
Gen
19
31
31
Цкъа йоккхаха йолчу йоӀа элира жимаха йолчуьнга: «Массанхьа а дуьнен тӀехь божарша зударий балабо. Вайн да воккха ву, ткъа божарий кхузахь бан а бац, цхьаннах а вайшиннан бер хуьлийла дац.
Gen
19
32
32
ЧагӀар малийна, вайн да ваха а вина, цуьнца дӀайижа еза вайшиъ. Дегахула вайн хӀу Ӏалашдийр ду вай».
Gen
19
33
33
Цу буссехь дена чагӀар малийра шина йоӀа. Йоккхаха ерг цуьнца метта дӀайижира. ЛутӀина ца хиира, иза шеца дӀайижча а, хьалагӀаьттича а.
Gen
19
34
34
ШолгӀачу дийнахь йоккхаха йолчо элира жимаха йолчуьнга: «Сийсара со йижира вайн деца, тховса кхин цкъа а цунна чагӀар а малийна, хьо йижа еза цуьнца дӀа. Вайн дех бераш а хилла, вешан хӀу Ӏалашдийр ду вай».
Gen
19
35
35
Цу буса а дена чагӀар малийра шина йоӀа. Жимаха ерг дӀайижира метта шен деца. Юха а ЛутӀина ца хиира, иза дӀайижча а, хьалагӀаьттича а.
Gen
19
36
36
ЛутӀин ший а йоӀ цунах берах хилира.
Gen
19
37
37
Йоккхаха йолчу йоӀа кӀант вира, цуьнан цӀе Муаби тиллира цо (иза «дех винарг» бохург ду). Цунах схьабевлла хӀинца болу муабахой.
Gen
19
38
38
Жимаха йолчу йоӀа а кӀант вира. Цо цуьнан цӀе Бен-Ӏамми тиллира (иза «сан гергарчун кӀант» бохург ду). Цунах схьабевлла хӀинца болу Ӏамминхой.
Gen
20
1
1
НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренгахьа дӀа а вахана, Кхадеш-гӀалина а, Шур-гӀалина а юккъехь ваха хиира ИбрахӀим. Цул тӀаьхьа ГӀарар-гӀалахь Ӏийра иза.
Gen
20
2
2
Цигарчу нахе Сарат шен йиша ю элира цо. ГӀарар-гӀаларчу паччахьо Абу-Малика иза шена хезча, ялхой бахийтира Сарат шена схьаяло.
Gen
20
3
3
Цкъа буьйсанна Абу-Маликана гӀенах веанчу Дала элира: «Хьо валарна кхерам бу, хӀунда аьлча ахь схьаялаяйтина зуда марехь ю».
Gen
20
4
4
Амма Абу-Малик Саратах кхетаза вара, цундела цо элира: «Хьалдолу Эла, со бехке вац. Бехк боцу со а, сан халкъ а хӀаллакдийр ду Ахь ткъа?